Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амци-ЯхІун ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхІун ненан цІе ЯхІу-Іаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. Амци-ЯхІус Везачу Элана нийса хеташ долу гІуллакхаш дора, амма доггах кхочуш ца дора цо иза. Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу хьаькамаш байира. Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза». Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимІатан кІант Юзабди а, Шумаран кІант ЯхІу-Забди а. Юаш велира. Иза а дІавоьллира шен дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дІахІоьттира цуьнан кІант Амци-ЯхІу. ЯхІудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхІитталгІа шо долуш, исраилхойн паччахь дІахІоьттира ЯхІу-Ахьазан кІант ЯхІуаш. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода