14
Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегІа а схьаийцира ЯхІуаша. Иштта, лечкъийна, царах хІума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гІала юхавирзира иза.
Амма яхІудхойн паччахьо Юаша, яхІудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхІушаптис а, ЯхІурама а, Ахьаз-ЯхІус а Везачу Элан цІенна сагІина мел деана хІума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагІина мел деана хІума а, Везачу Элан цІийнан а, паччахьан цІийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дІадахьийтира Юаша. ТІаккха Хьазиал тІе ца летира Ярушалаймана.