Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Іожаллин таІзар догІу зулам далийтина хІорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза. Амма хІора стаг ша летийна долу къинош бахьана долуш лийр ву. Муьста кемсаш мел йиъначух лаьцна аьлча, ша-шен цергаш а лехар ю. Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кІентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра.
Выбор основного перевода