Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха исраилхошца цхьаьна Либнера Лахиш-гІала а веана, цунна гонах меттамотт а хІоттийна, гІалина дуьхьал тІом бира ЮшаІа. ТІаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш.
Выбор основного перевода