Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯрбаІам-паччахьо ша летийна долу а, Исраилан халкъе летадайтина долу а къинош бахьанехь, Везачу Эло Исраилан халкъ дуьтур ду». Бетал-гІалин динан да волчу Амци-ЯхІус исраилхойн паччахьна ЯрбаІамна тІе нах бахийтира хІара дІаала: «Исраилхошна юкъахь а волуш, Іамос, барт а бина, хьуна дуьхьалволуш ву. Лаьтте а ца лало цо мел дуьйцург. ХІунда аьлча Іамоса иштта боху: „ЯрбаІам туьрах хІаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тІера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“».
Выбор основного перевода