Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо ЯрбаІама паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилира Амци-ЯхІун кІант Іузи-ЯхІу. Цу хенахь Іузи-ЯхІун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Іузи-ЯхІун ненан цІе Яхул-ЯхІу яра. Иза Ярушалаймера яра. ТІаккха яхІудхойн массо а халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Іузи-ЯхІу, шен ден метта, паччахь а вина, дІахІоттийра.
Выбор основного перевода