Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Халкъо, ара а даьлла, шега ма-аллара, генаш а деана, царах шайна кхалораш йира. Цара уьш шайн шерачу тхевнаш тІехь а, шайн уьйтІахь а, Делан цІийнан кертахь а, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданахь а, иштта Эпраман кевнна хьалха йолчу майданахь а йира. Цул тІаьхьа Эпрайман а, Ширачу кевнах а, иштта ЧІерийн кевнах а тІехбевлира уьш. Цигара Хьананиалан бІаьвнах, Меа олучу бІаьвнах а тІехбевлира уьш. УьстагІийн кевнна тІе кхаччалц дІа а бахана, ГІаролан кевнна уллохь севцира уьш. Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхІун кІентан Юашан кІант Амци-ЯхІу схьалецира. ТІаккха ЯхІуаша, иза Ярушалайме дІа а вигина, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна Сонехь долчу кевнна тІекхаччалц диъ бІе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра.
Выбор основного перевода