Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
ТІедеана стигалара гуламан декъашхой Везачу Элана хьалха дІахІутту де. Цаьрца цхьаьна шайтІа а деъна. Левин тІаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра. Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. «Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. Суна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Іаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш.
3. Царств
Выбор основного перевода