Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
БалиІама, Балакхан ялхошка жоп а луш, элира: «Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна схьалуш хилча а, сайн Везачу Дала бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Нагахь Балакха детих а, деших а дуьзна долу шен паччахьан цІа суна луш хилча а, Везачу Эло бохучунна тІера а ваьлла, Цо магийтина доцу жима я доккха цхьа а хІума дан йиш яц сан. Везачу Эло сайга схьабоххург бен дІаэр дац аса!» Хьан Веза Дела дийна хилар санна бакъду-кх, цхьа а къам я цхьа а пачхьалкх ца йисина сан олахочо хьо лоьхуш нах бахийтаза. Шега хьо цигахь вац аьлча, цо чІагІо йойтура хьо ца караво бохучу оцу пачхьалкхе а, къоме а. Эли-ЯхІус жоп делира: «Шена гІуллакх деш волчу массо а ницкъийн Везачу Делах чІагІо йо ас, со тахана, цунна тІе а вахана, дІахІуттург хиларх». Ткъа Дала тхан сий а дина, Шен хаза кхаъ тешарца тхоьга кховдоре терра, иштта, адамашна томана а доцуш, амма вайн дегнаш зуьйш волу Дела лоруш бо оха и хьехамаш.
3. Царств
Выбор основного перевода