Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Масех шо даьлча, ЯхІушапти Шамран-гІала Ахьабана тІевахара. ЯхІушаптина а, цуьнца болчу нахана а лерина дуккха а жа а, хьайбанаш а дайира Ахьаба. Ахьаб ЯхІушапти шегахьа ваккха гІоьртира, иза шеца цхьаьна ГалІад-махкарчу Рамат-гІалина тІелатийтархьама. Исраилхойн паччахьо Ахьаба яхІудхойн паччахье ЯхІушаптига элира: «Хьо вогІур варий соьца ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата?» ЯхІушаптис цуьнга жоп делира: «Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду. Дера догІур ду тхо хьоьца тІаме!» ЯхІушаптис кхидІа а исраилхойн паччахье элира: «Амма цкъа хьалха Везачу Эло хІун боху хаттийтахьа». Исраилхойн паччахьо, виъ бІе пайхамар схьа а гулвина, цаьрга хаьттира: «ГалІадерачу Рамат-гІала тІамца даха дезий те тхо, я ца деза те?» Цара жоп делира: «Хьо ваха веза. Везачу Эло хьан кара схьалур ю иза». ТІаккха ЯхІушаптис хаьттира: «Кхин цхьа а вуй те кхузахь Везачу Элан пайхамар? Цуьнгахула а Везачу Эле хаттар дийр дара вай». Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Кхин а цхьа пайхамар ву, шегахула Везачу Эле хаттар дан мегар долуш. Амма суна иза ца веза, хІунда аьлча цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен. Иза Йимлаан кІант Мика-ЯхІу ву». «Паччахь, ма алахьа иштта», – элира ЯхІушаптис. ТІаккха, паччахьан кертара цхьа ялхо схьа а кхайкхина, исраилхойн паччахьо цуьнга элира: «Вало, сихха Йимлаан кІант Мика-ЯхІу схьавалош вола». Исраилхойн паччахь Ахьаб а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а, шаьшшинна тІе паччахьан духарш а дуьйхина, хІорра а шен паччахьан гІанта тІе охьахиъна вара. Уьш Шамран-гІалин кевнехьа йолчу хьаьттарехь бара. Берриге а пайхамарш бара, пайхамаралла а деш, царна хьалха дІахІиттина. КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, шена тІе аьчка маІаш а ехкина, элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Арамхой хІаллакбина охьабахккалц хІара маІаш Іуьттур ю ахьа царна“». Массо а пайхамаро а, цхьатерра хаам а беш, бохура: «ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата, дерриг а кхиамца чекхдер ду. Везачу Эло паччахьан кара схьалур ю иза». Мика-ЯхІуга схьакхайкха ваханчу стага цуьнга элира: «Пайхамарша, шаьш хиндолчух хаамаш бечу хенахь, массара а цхьатерра паччахьна диканиг олу. Хьан дош а хилахьара цара хІораммо а бохучух терра. Ахьа а диканиг алахьа». Мика-ЯхІус цуьнга элира: «Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, сайга сан Дала боххург айса дІаэриг хиларх». Пайхамар паччахьна тІевеара. Паччахьо Мика-ЯхІу-пайхамаре хаьттира: «Мика-ЯхІу! Ваха везий те со тІамца ГалІадерачу Рамат-гІала я ца веза?» Мика-ЯхІу-пайхамаро паччахье элира: «ДІагІо хьо. Кхиам хир бу хьан. Иза хьан кара схьалур ю хьуна». ТІаккха паччахьо цуьнга элира: «Мосазза чІагІо яйта еза те аса хьоьга, Везачу Элан дуьхьа билггал бакъдерг бен соьга хІумма а ма алахьара аьлла?» ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Суна хьалха Делера сурт хІоьтти, берриг а исраилхой, шайна тІехь Іу воцу уьстагІий санна, лаьмнашкахула дІасабаьржина. ТІаккха Везачу Эло элира: „Вац царна тІехь хьаькам, уьш хІорра а шен цІа маьрша вухавоьрзийла“». Исраилхойн паччахьо ЯхІушаптига элира: «Аса элирий хьоьга, цо цкъа а сох лаьцна Делера дика хаам ца бо, вониг бен!» ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Везачу Эло элира: „Шух муьлхачо тІеерзор яра исраилхойн паччахь волчу Ахьабан ойла, иза тІамца ГалІадарчу Рамат-гІала а вахийтина, цигахь хІаллакьхилийтархьама? Цхьаммо цхьаъ олура, вукхо важа олура“. ТІаккха стигаларчу гуламан цхьана декъашхочо, Везачу Элана хьалха дІа а хІоьттина, элира: „Аса дийр ду“. Везачу Эло хаьттира: „Муха?“ Стигалара гуламан оцу декъашхочо жоп делира: „Аса, вахана, цуьнан мел болчу пайхамаршка харцдерг олуьйтур ду“. Везачу Эло элира: „Ахьа иза берта а валаве, хьо ларор ву иза дан. Ваха а гІой, иштта де ахьа“. Иштта, Везачу Эло оцу хьан массо а пайхамаршка хьоьга харцдерг алийтира. Везачу Эло хьуна тІе бохам баийта сацам ма бина!» ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?» Мика-ЯхІус элира: «Хьажалахь, хьо къайлавалархьама чухуларчу цхьана чоьнна чу ваханчу дийнахь иза хуур ду хьуна». Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхІу-пайхамар, схьа а лаций, гІалин хьаькамна Аминна тІе а, паччахьан кІантана Юашина тІе а вига. Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“». Мика-ЯхІус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугІийла аса аьллачуьнга!» Исраилхойн паччахь а, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти а ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелетира. Ахьаб-паччахьо ЯхІушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву ца хаийта, сайна тІера духар а хийцина, тІом дІаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тІедуха». Иштта, ша мила ву ца хаийта, шена тІе хийцина хІума а юьйхина, тІом дІаболийра исраилхойн паччахьо. Арамхойн паччахьо шен тІеман гІудалкхийн хьаькаме омра динера: «Царах я жимачуьнца а, я воккхачуьнца а тІом ма бе, веккъа цхьана исраилхойн паччахь воцучуьнца», – аьлла. ЯхІушапти шайна гича, гІудалкхийн хьаькамашна иза билггал исраилхойн паччахь ву моьттира. Арамхоша ЯхІушаптина тІелатархьама, цунна го бира. ЯхІушаптис мохь хьаькхира, ткъа Везачу Эло цунна гІо дира. Дала уьш юхабехира цунна уллора, хІунда аьлча, иза исраилхойн паччахь воций а хиъна, гІудалкхийн хьаькамаш цунна тІаьхьабевллачуьра севцира. Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. ГІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина». Амма цу дерриг а дийнахь тІом чІогІа лаьтташ бара. Исраилхойн паччахьо суьйре тІеяллалц шен гІудалкха чохь арамхошна дуьхьал ша лоттуьйтура, ткъа малх бузучу хенахь иза велира.
3. Царств
Выбор основного перевода