Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
ЯхІушаптин дуккха а хьал а дара, иза чІогІа лоруш а вара. Ахьабца гергарло тесира цо. Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кІант ЯхІу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Іесачу нахана гІо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгІазло йина хьуна. Амма цул тІаьхьа яхІудхойн паччахьо ЯхІушаптис Іеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхІуца доттагІалла тесира. Таршаш-махка дахийта хІордкеманаш дархьама, Ахьаз-ЯхІуца барт бира ЯхІушаптис. Цара Іецйон-ГІебарехь хІордкеманаш дира.
3. Царств
Выбор основного перевода