Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Сулим-паччахьо хІордкеманаш а дайтира Эдом-махкарчу Эрзийн хІордан йистехь Эйлат цІе йолчу гІалина уллора Іецйон-ГІебар олучу меттехь. Оцу наха, Апар цІе йолчу махка а бахана, цигара бархІ бІе шовзткъа пунт деши а деана, иза Сулим-паччахье дІаделира. Кхечу мехкашца йохкаэцаран гІуллакхна вовшахтоьхна хІордана тІехула лелаш хинкеманаш дара паччахьан. Уьш Хьирам-паччахьан хІордкеманашца цхьаьна лелара. ХІора кхаа шарахь цкъа хІордкеманаш, деши, дети, пийлан кІомсарш, маймалш, тІаус-олхазарш а дахьаш, юхадоьрзура. Амма цул тІаьхьа яхІудхойн паччахьо ЯхІушаптис Іеса лелаш волчу исраилхойн паччахьца Ахьаз-ЯхІуца доттагІалла тесира.
3. Царств
Выбор основного перевода