Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
ТІаккха КинаІанан кІанта ЦІадукъ-ЯхІус, Мика-ЯхІу-пайхамаран бесни тІе тІара а тоьхна, элира: «И бохург хІун ду? Везачу Элан Са, хьоьгахула хаам бархьама, сох дІакъаьстина ткъа?» Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тІе тІара тоьхнехь, аьрру агІор йолу бесни а зуламхочунна тІеерзае. ТІаккха цхьаболчара Іийсана тІе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бІаьргаш дІа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хІинца!» ГІаролхоша а еттара Цунна. Динан коьртачу дас Хьанаса шена хьалха лаьттачаьрга омра дира, ПахІалан бета тІе хІума тоха аьлла.
3. Царств
Выбор основного перевода