Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Исраилхойн паччахьо шен ялхошка элира: «Шуна хаьий ГалІад-махкахь йолу Рамат-гІала вайн юйла? Ткъа вай дуккха а хенахь дуьйна, дист а ца хуьлуш, арамхойн паччахьан карара иза схьа а ца йоккхуш, Іаш ду». Ахьаба ЯхІушаптига элира: «Хьо вогІур варий соьца ГалІадерачу Рамат-гІалина тІелата?» ЯхІушаптис исраилхойн паччахье Ахьабе жоп делира: «Дера вогІур ву! Вай гергара ма ду. Сан халкъ а хьан халкъ ма ду, сан дой а хьан дой ма ду».
3. Царств
Выбор основного перевода