Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Асас, аьллачунна эргІа а ваьлла, Делера дерг гуш волчунна оьгІаз а вахана, иза набахти чу воьллира. Иштта халкъана юкъара цхьацца болчу нахана ницкъ бора цо цу хенахь. Исраилхойн паччахьо элира: «Мика-ЯхІу-пайхамар, схьа а лаций, гІалин хьаькамна Аминна тІе а, паччахьан кІантана Юашина тІе а вига. Аша цаьрга дІаала: „Иштта боху паччахьо: ‘ХІара стаг набахти чу волла. Со маьрша цІа верззалц, кІеззиг бепиг а, хи а бен, хІумма а ма ло цунна’“». Мика-ЯхІус элира: «Нагахь хьо маьрша вухаверзахь, соьгахула хаам бинарг Веза Эла ца хилла». Кхин а цо элира: «Массо а халкъо ладугІийла аса аьллачуьнга!»
3. Царств
Выбор основного перевода