Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Иштта ЯхІуд-махкахь паччахьалла дира ЯхІушаптис. ЯхІушапти паччахь дІахІуттуш цуьнан ткъе пхийтта шо дара. Цо ткъе пхеа шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Іазубат яра. Иза Шилхьайн йоІ яра. ЯхІушапти шен ден Асин некъахула лелаш вара. Иза цу некъа тІера дІа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тІехь сагІа доккху гунаш цо дІадахаза дисина дара. Халкъо хІинца а шен дог кхоччуш тІе ца дерзийнера шайн дайн Далла.
3. Царств
Выбор основного перевода