Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гІалин бахархошний юкъа хІотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира. Везачу Элан Са Шаулах дІакъаьстира. Цунна тІе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. ШолгІачу дийнахь Делера долу жин цІеххьана Шаулна тІе доьссира. Иза шен цІахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цІахь, гоьмукъ карахь а болуш, Іаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Нагахь санна Сан цІарах харц хаам бан цхьа пайхамар Іехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Іехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. Цундела Дала чІогІа Іехаболуьйтур бу уьш, билггал бакъдоцучух тоьшуьйтуш.
3. Царств
Выбор основного перевода