Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
халкъ дІадуьгун волу а, тІом бечу хенахь нахана тІехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Іу воцу жа санна ца дисийтархьама». Цу хенахь цхьана стага ларамаза пха кхоьссира. И пха исраилхойн паччахьна тІехь долчу гІаьгІнан дакъошна юккъе кхийтира, цо паччахьна чов йира. Шен гІудалкх лелош волчуьнга Ахьаб-паччахьо элира: «Юха а верзий, тІом бечу меттера дІаваккха со – суна чов йина». Амма цу дийнахь тІом чІагІбелира, ткъа Ахьаб-паччахь арамхошна дуьхьал лаьттачу шен гІудалкха чохь лоттуьйтура. Паччахьан цІий гІудалкхан буха охьаоьхура, ткъа суьйранна иза велира. Малх дІабузучу хенахь эскаран дакъошкахула дІахьедар дІасадаьржира: «ХІора а шен-шен гІала, шен-шен махка дІагІо!» – аьлла. Шайна тІехь Іу воцу дела, и уьстагІий дІасадаьржира, цул тІаьхьа уьш хІора экханан ижу хилла дІахІоьттира. Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара.
3. Царств
Выбор основного перевода