Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
3. Царств
Параллельные места
Юсупан тайпа хьалха дуьнен чу баьлла сту санна ду. Цуьнан маІаш гомашан маІаш санна ю. И маІаш цара кхечу халкъашна еттар ю, ур-атталла дуьненан йистехьа уьш тоттур ду. Иштта эпраймхойн дуккха а тІемалой бу, иштта маннашхойн эзарнаш эскархой бу». Везачу Эло соьга иштта элира: «Ярми-ЯхІу, цІоканан моханех а, дукъойх а хьайна дукъ а дай, иза хьайна тІедилла. Юха, сайн бІаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маІа гира. Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хІун ю?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а нах дІасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», – аьлла. Цул тІаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира. «Уьш хІун дан схьабогІуш бу?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаІаш йолчу оцу халкъаша ЯхІуд-мехкан бахархой дІасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хІорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхІудхошна дуьхьал маІаш хьалаайъинчу халкъийн маІаш йохийна дІаяхархьама».
3. Царств
Выбор основного перевода