Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Шамъала Юшайга хаьттира: «Массо а кІентий кхузахь буй хьан?» Юшайс жоп делира: «Уггар жима кхин цхьаъ ву. Иза хІинца жа дажош ву». Шамъала Юшайга элира: «Цхьаъ вахийтий, иза схьавалавайта. Иза схьаваллалц, вай хІума яа охьаховшур дац». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Исраилан халкъан Везачу Дала ЯхІудан тІаьхье хаьржира, цуьнга Исраилан халкъан шийтта тІаьхьенна тІехь олалла дайтархьама. Оцу тІаьхьенна юкъара сан ден доьзал къастийнера Везачу Эло. Ткъа оцу доьзал юкъара со хаьржира Цо, гуттаренна а Исраил-мехкан паччахь вина дІахІотторхьама. Везачу Элана лиира сох Исраил-мехкан паччахь ван! Иштта, Ярушалаймехь, чІагІвелла дІа а хІоьттина, паччахьалла дира РахьбуІама. Иза паччахь дІахІуттучу хенахь, цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло Шен цІе цигахь хилийтархьама, Исраилан массо а тайпанех Везачу Эло схьакъастийначу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира РахьбуІама. Цуьнан ненан цІе яра НаІмат. Иза Іамминхо яра. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира.
Выбор основного перевода