Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа шаьш садаІа севцча, деза тІорказ цара дІахІоттош, Мусас олура: «Юхаверзахьа, Веза Эла, эзарнаш исраилхошна тІе!» Хьала а гІаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогІалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кІело хир йолу хІара меттиг дІанисъян. Аса Делан цІа дІахІотто кечам бина. Веза Эла, Хьо Іаш волчу метте дІахІоттахьа, Хьо а, Хьан олаллин тІорказ а. Хьан динан дай нийсо тІеюьйхина хуьлийла. Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла. Хьайн ялхо волчу Даудан дуьхьа Хьайн юьхь Айхьа къобалвинчунна тІера дІа ма ерзаехьа. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а.
Выбор основного перевода