Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Адам хІун ду, Далла хьалха ша цІена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта? Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цІена яц. Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу? Хьан эр ду те: «Сан даг чохь со цІена ву, со сайн къинойх цІанвелла»? Массо а хенахь Делан лаамехь а лелаш, цкъа а къа а ца латош волу бакъахьара стаг вац кху дуьненахь. хІунда аьлча вай массара а къинош дукха летадо. Дашаца цкъа а къа ца латош верг кхачаме стаг ву, цуьнга шен дерриг дегІан дола дало. Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву. Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.
Выбор основного перевода