Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. Хаьа суна, сан Дела, Ахьа тхан дегнаш зуьйш хилар а, Хьуна цІена дегнаш дезаш хилар а. Аса и дерриге а сайн цІеначу даггара сагІина деана. Ткъа хІинца кхузахь долчу халкъо хазахетарца Хьуна сагІа дар го суна. Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Хьалдолу Эла, дІахазахьа! Хьалдолу Эла, гечдехьа! Хьалдолу Эла, тергам а бехьа, гІуллакх а дехьа, Хьайн дуьхьа дІа ца тоьттуш, сан Дела, хІунда аьлча Хьан цІе тиллина Хьан гІалина а, Хьан халкъана а».
Выбор основного перевода