Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Іуьйранна, хьалххе хьала а гІевттина, лаьмнашка буьйлабелира нах. Цара бохура: «Тхо гІалатдевлла, Дала бохучух а ца тешна, тхайгара даьллачунна чІогІа дохко а девлла. ХІинца Везачу Эло лур бу аьллачу махка дІагІур ду тхо». Сан долахь долу халкъ Суна муьтІахь хилла, доІанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тІера дІа а далахь, тІаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. ТІаккха доІанца, дехарца, марха кхабарца, сингаттаме хилар гойту бедар юхарца, сайна тІе чим тасарца ас сайн дог-ойла Хьалдолчу Далла тІеерзийра. Къинош а летадора, харцонаш а лелайора, хьарамдерг а леладора оха. Дуьхьал а девлла, Хьан весеташна а, парзашна а тІерадевллера тхо.
Выбор основного перевода