Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Ас чІагІдийр ду хьан паччахьалла, Айса хьан дега, Дауд-паччахье, чІагІо еш ма-аллара: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Нагахь хьан кІенташа Сан барт а, Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь, церан кІенташа а гуттар а ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
Выбор основного перевода