Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шун чІагІъелла куралла йохор ю Ас, стигало догІанан тІадам а лур бац шуна, латта, тІулг санна, чІагІлур ду шун. ТІаккха Везачу Элан оьгІазалла, яьлла цІе санна, шуна дуьхьал ер ю, Цо стигал дІакъовлур ю, догІа цигара ца даийтархьама. Цундела лаьтто шен ялта лур дац. ТІаккха шун Везачу Эло шуна луш долчу дикачу лаьтта тІехь шу кестта хІаллакьхир ду. Шуна тІехуларчу стигалех цІаста хир ду, бухаларчу лаьттах эчиг хир ду. ДогІанан метта, Везачу Эло чан лур ю шуна, стигалара шуна тІеоьгур ю иза, шу хІаллакьхилла дІадовллалц. ГалІад-махкарчу Тишаб-гІалара волчу Эли-ЯхІу-пайхамаро Ахьаб-паччахье элира: «Шена гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а Исраилан халкъан Везачу Делах чІагІо йо аса, хІокху шерашкахь я тхи, я догІа хир дац аьлла, аса омра даллалц». Нагахь Аса, стигал дІа а къевлина, догІа ца даийтича а, я цІоз тІе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хІаллак а деш, цамгар яржийча а, Баккъал боху Ас шуьга: Эли-ЯхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь.
Выбор основного перевода