Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Сулим-паччахьо элира: «Везачу Эло малх кхоьллина стигалахь иза къагийта, ткъа Шен боданехь Іан лаам бу аьллера Цо. Амма аса Хьуна исбаьхьа цІа дІахІоттийна, Хьо цу чохь абаденналц вахийта». Дерриг а Исраилан халкъ дара цигахь лаьтташ. Халкъехьа а вирзина, Сулим-паччахьо декъалдира и халкъ. ТІаккха паччахьо элира: «Декъала ву Исраилан халкъан Веза Дела, сан дена Даудана, Ша делла дош Шен куьйгаца кхочушдина Волу! Цо аьллера сан дега: „Мисар-махкара Сайн Исраилан халкъ Айса арадаьккхичхьана дуьйна схьа, Исраилан тайпанийн мехкашкара цхьа а гІала ца къастийра Аса, Сан цІе язъян лерина цІа хилийтархьама. Амма хІинца Дауд-паччахь хаьржина Ас Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта!“ Сан дена Даудана чІогІа лиира Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІотто. Амма Везачу Эло аьллера сан дега Дауде: „Суна хаьа, Сан цІе язъян лерина долу цІа хІоттадан хьан чІогІа лаам хилар. Хьуна и лаар дика ду. Амма хьо вац Аса и цІа дІахІотто хаьржинарг. Хьох ваьлла волчу хьан кІанта дийр ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. Иштта Везачу Эло Ша делла дош кхочушдира. Сан ден метта Исраил-мехкан паччахьан гІанта тІе хиира со, хІинца со паччахь а ву, Везачу Эло ма-аллара. Аса Исраилан халкъан Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа а дІахІоттийна. Везачу Эло вайн дай Мисар-махкара арабаьхча, Ша цаьрца бина барт тІеязбина йолу тІулгийн экъанаш чу йохку деза тІорказ латто меттиг кечйина аса оцу цІа чохь». ТІаккха Сулим-паччахьо, сагІа доккхучу Везачу Элан кхерчана хьалха дІа а хІоьттина, гулделлачу массо а Исраилан халкъана хьалха, куьйгаш стигала хьала а дахийтина, элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела, вац Хьох тера волу Дела я лакхахь стигалшкахь, я лахахь лаьтта тІехь! Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьа хІоьттинчу Хьайн лешна. Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. Ткъа хІинца Исраилан халкъан Веза Дела, кхочушдехьа Хьайн лай волчу Дауде, сан дега, Айхьа аьлларг: „Нагахь хьан тІаьхьенах болчара, хьо Суна хьалха ма-леллара а лелаш, шайн некъаш тешаме хиларца лардахь, даим а хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Ткъа хІинца, Исраилан халкъан Дела, бакъ хуьлийла Ахьа сан дена делла долу Хьан дош! Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Делахь а, дІахозийла Хьуна сан доІа а, Хьан лай волчун дехар а, ва сан Веза Дела! Тергам бойла Ахьа, Хьайга тахана дехарш деш кхойкхуш волчу Хьайн лен кхайкхаман а, доІанан а. Аьлла-кх Ахьа: „Сан цІе кху чохь хир ю“. Доьху Хьоьга, хьажадойла Ахьа Хьайн бІаьргаш хІокху цІенна тІе дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь. ДІахозийла Хьуна Хьайн лай волчун доІа а, Хьайн Исраилан халкъан доІанаш а, цара, хІокху меттехьа а бирзина, Хьайга доІа дечу хенахь. Хьо стигалшкахь Іаш ву, ткъа оха доьху Хьоьга, цигахь тхан доІа дІа а хазий, гечдехьа тхуна. Масала, нагахь цхьа стаг вукхунна хьалха бехке а хилла, иза Хьан сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоттавахь, хІокху Хьан цІа чохь, ша бехке вац аьлла, цуьнга дуй баийта тарло. ТІаккха стигалахь волчу Ахьа дІахазий, кхел ехьа Хьайн лешна тІехь, бехке верг бехке озош, царах даьлларг церан шайн кортошна тІе а дожош. Ткъа бехке воцург бехказаваккхахьа, цуьнан бакъ хиларца терра цунна доггІург а деш. Масала, Хьан Исраилан халкъ, Хьуна хьалха къилахь хиларна, мостагІчо иза эшор ду. Нагахь и халкъ, Хьоьга кхайкхамаш а беш, кху цІа чохь волчу Хьоьга доІанаш а, дехарш а деш, Хьоьгахьа дерзахь, стигалшкахь церан доІа дІа а хазий, гечдехьа хІокху Хьайн Исраилан халкъан къиношна. Айхьа хьалха церан дайшна делла долчу лаьтта тІе уьш юхаберзабехьа. Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш, гечдехьа Хьайн лай долчу Исраилан халкъан къиношна. Гайтахьа царна нийса некъ, даийтахьа хІокху Хьайн лаьтта тІе догІа, Ахьа Хьайн халкъана тІаьхьалонна делла хилла долчу. Нагахь хІокху лаьтта тІе адамашна я мацалла тІеягІахь, я адамаш хІаллакдеш цамгарш кхетахь, я, мел долу хІума дагош, бовха мох балахь, я адамаша дийна долу дерриге ялта а мекхано диъна дІадаккхахь, я цІоз, я нІаьна тІелатахь, я шайн лаьтта тІехь адамаш Іен ца дуьтуш, мостагІа тІегІортахь, я муьлхха а бохам хилахь, я ун кхетахь, тІаккха, нагахь дерриг а Хьан Исраилан халкъана юкъара муьлххачу а адамо, шех даьллачу къиношна дохко а даьлла, кху Хьан цІенна тІе куьйгаш хьала а айина, Хьоьга доІанаш а, дехарш а дахь, доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь, цуьнан доІа дІахазий, гечдехьа цунна, гІо дехьа. Хьуна цхьанна хаьа-кх хІора адаман дагахь дерг. Цундела доьху Хьоьга, хІора стагана а доггІург цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина дехьа. Дехьа иза массо а адам Хьох кхерийтархьама, Ахьа тхан дайшна деллачу кху лаьттахь тхо мел деха. Исраилхой а боцуш, кхин къомах долу адамаш догІур ду Хьан цІеран дуьхьа. ХІунда аьлча царна а хезар ду Хьан сийлаллин-езачу цІарах лаьцна а, Хьан нуьцкъалаллех лаьцна а. Уьш богІур бу, кху Хьан цІенна тІе а бирзина, доІанаш дан. ТІаккха, доьху Хьоьга, дІахазахьа Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш, дехьа цара а Хьайга мел дехнарг, Лаьттахь мел долчу къаьмнашна а Хьайн цІе йовзийтархьама а, уьш Хьайх кхерийтархьама а, Хьан Исраилан халкъ санна. ТІаккха массо а меттигашкара, доллу халкъашна а хуур ду, ас дІахІоттийна хІара цІа Ахь-Айхьа даздина хилар. Наггахь Ахьа Хьайн халкъе омра дийр ду, даха а гІой, шайн мостагІех лата аьлла. Масала, хІокху Ахьа хаьржинчу гІаланехьа а, Хьан цІе язъян лерина дІахІоттийначу цІенна тІе а бирзина, цара Хьо вазвеш, Хьуна хастамаш беш, доІанаш дахь, доьху Хьоьга, дІахазахьа стигалшкахь церан доІанаш а, церан дехарш а, бакъ а бехьа уьш. Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Масала, оцу шаьш йийсаре бигначу мехкашкахь Хьан халкъо, ша летийначу къиношна дохко а даьлла, Хьоьга доІанаш дийр ду. Цу халкъо ала тарло: „Оха къа латийна, тхо нийса дацара, тхо бехке ду“. Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, тІаккха ас доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалшкахь церан доІанаш дІа а хазий, бакъбехьа уьш. Гечдехьа Хьайн халкъана цара Хьайна хьалхахь латийначу къиношна а, Хьуна хьалха цара нийса ца динчу массо хІуманна а, ткъа уьш йийсаре бигна болу мостагІий царна къинхетаме хилийтахьа. Шу герга ца даьхкина куьг Іоттал уллохь болчу а, цІе летта богучу а ламанна а, Іаьржачу боданна а, чІогІачу махана а,
Выбор основного перевода