Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо олалла деш долу берхІитталгІа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кІентан Ацал-ЯхІун кІант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цІийне. Паччахьо элира: «Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхІуна тІе а гІой, Везачу Элан цІийнан кевнехь лаьтташ болчу гІаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. И ахча Везачу Элан цІенна тІехь болх беш болчу белхалошна тІехьовсучу нехан кара дІадала деза. Ткъа цара дІадекъа деза и ахча Везачу Элан цІа тодеш болчарна: дечиг пхьерашна а, гІишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тІулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цІа тодархьама. Шаьш оцу белхалошна дІалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хІунда аьлча царах теша мегар ду». Динан да волчу Хьалкхи-ЯхІус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цІа чохь». Хьалкхи-ЯхІус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дІадийшира. Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цІенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цІа тодеш белхаш беш болчарна тІехьожуш болчийн кара дІаделла». ТІаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхІус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира. Товрат-хьехамийн тептар тІера дешнаш шена дІахезча, паччахьо шен тІехулара бедар этІийра. ТІаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхІуна а, Шапанин кІантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхІун кІантана Іахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Іаси-ЯхІуна а тІе а дуьллуш, элира: «Даха а гІой, сан дуьхьа а, берриге а яхІудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, вайн дайша хІокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгІина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара». ТІаккха динан да Хьалкхи-ЯхІу а, Ахьикхам а, Іахбар а, Шапани а, Іаси-ЯхІу а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. Хьулдата цаьрга элира: «ХІара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тІехьажийначу стаге хІара дІаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тІе, яхІудхойн паччахьо дешна долчу тептар тІера дерриг а дешнаш тІехь ма-хиллара. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхІудхойн паччахье аша дІаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дІа а хезна, хьан дог кІад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тІехулара бедар этІа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дІахезна, – боху Везачу Эло. – И бахьанехь хьо, синтемца дІа а кхелхина, хьайн дайшна тІевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бІаьргашна гур бац Аса кху меттигна тІебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“». Паччахьна тІедаьхьира и жоп.
Выбор основного перевода