Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан омрица оцу стага сагІа доккхучу кхерче элира: «Ва сагІа доккху кхерч! Везачу Эло хІара боху: „Даудан цІийнах кІант вер ву, Юши-ЯхІу цІе йолу. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх а деш, цигахь сагІанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тІехь сагІина бахьар бу цо, хьуна тІехь адамийн даьІахкаш ягор ю“». Юши-ЯхІу-паччахьо массо динан дай, ЯхІуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гІали чубехира. Берриге а ЯхІуд-махкахь – ГибаІ-гІалара дуьйна Беар-ШабаІ-гІала кхаччалц – динан дайша тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхІу-паччахьо иштта гІалин кевнна уллохь болчу газа-цІушна лерина болу сагІа доккху гу бохабайтира. ГІалин хьаькам хиллачу ЮшаІан кевнехь чуволлучохь, гІалин кевнан аьрру агІор, бара и гу. Юши-ЯхІу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хІиттийна тІулгаш а, дІадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьІахкех юьзира. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, оцу лома тІехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьІахкаш схьаяийтира. ТІаккха и даьІахкаш оцу сагІа доккхучу кхерча тІехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаІам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхІу-паччахьна, дІахьаьжча, и гІуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира. Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхІу-паччахьо байина дІабахийтира. ТІаккха адамийн даьІахкаш цу сагІа доккхучу меттигашна тІехь ягийра. Ткъа иштта Іамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхІу-паччахь.
Выбор основного перевода