Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Варелаш, шайн Везачу Дала шайна тІе-ма-диллара лелалаш. Я аьтту, я аьрру агІор дІа ма дерзалаш. Юши-ЯхІун бархІ шо хилла иза паччахь дІахІуттучу хенахь. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гІаларчу Іади-ЯхІун йоІ яра. Юши-ЯхІус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хІуманна тІехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхІу. Цу некъа тІера я аьтту, я аьрру агІор дІа ца ваьлла иза.
Выбор основного перевода