Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта кхин а Юши-ЯхІу-паччахьо бохийна дІабаьккхира Бетал-гІалахь болу сагІа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатІан кІанта ЯрбаІама цигахь, сагІа доккхучу гу тІехь, дІахІоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хІума ягийна дІаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бІогІам а тІехь. Йисина хІуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. Иштта, Юши-ЯхІу-паччахьо Шамран-махкарчу гІаланашкахь сагІа доккхучу гунаш тІехь дІахІиттийна цІу-деланийн цІенош а дохадайтира. Веза Эла чІогІа оьгІазвахнера цу кеппара долу цІенош исраилхойн паччахьаша дІахІиттадарна. Ша Бетал-гІалахь диннарг оцу гунаш тІехь йолчу сагІа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхІу-паччахьо.
Выбор основного перевода