Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. Хийрачу деланашна сагІа доккху меттигаш а, царна Іибадат дан билгалдаьхна гунаш а дІадехира Асас. Иштта харцделанашна хІиттийна тІулгаш а дохийра цо, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра. И дерриге а чекхдаьллачул тІаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхІудхойн гІаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хІиттийна тІулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра, тІехь сагІа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тІаьхьа берриге а исраилхой шайн гІаланашка, шайн хІусамашка юхабирзира. Везачу Элан омрица оцу стага сагІа доккхучу кхерче элира: «Ва сагІа доккху кхерч! Везачу Эло хІара боху: „Даудан цІийнах кІант вер ву, Юши-ЯхІу цІе йолу. СагІа доккхучу гунаш тІехь гІуллакх а деш, цигахь сагІанаш доху динан дай, байа а байина, хьуна тІехь сагІина бахьар бу цо, хьуна тІехь адамийн даьІахкаш ягор ю“». Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Халкъо кхидІа а сагІа доккхучу гунаш тІехь сагІанаш даьхнехь а, и сагІанаш шайн Везачу Далла лерина бен дацара. Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Амина а. Шен дас Маннаша мел дІахІиттийначу цІушна сагІанаш а дохура, Іамал а йора Амина.
Выбор основного перевода