Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шеран ворхІалгІа бутт тІекхачале, дерриг а Исраилан халкъ шайн гІаланашкахь охьахевшича, массо а исраилхой Хин кевнна хьалха йолчу майдане схьагулбелира. Цара Іелам стаг волчу Іезаре дехар дира, Везачу Эло Муса-пайхамарехула Исраилан халкъана тІебиллина болу товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьада аьлла. Іезара схьагулбеллачарна товрат-хьехамаш тІехь болу тептар схьадеара. Иза шеран ворхІалгІачу беттан хьалхарчу дийнахь дара. Схьагулбеллачарна юкъахь зударий а, божарий а, шайга дуьйцург дІаэца кхетам болуш долу бераш а дара. Іуьйранна дуьйна де делкъе даллалц Іезар, Хин кевнна хьалхахь йолчу майданна дуьхьал вирзина а лаьтташ, массо а божаршна а, зударшна а, иштта массо а ша дуьйцург кхеташ болчу нахана а товрат-хьехамаш тІехь болу тептар доьшуш вара. Дерриг а адам товрат-хьехамашка чІогІа леррина ладугІуш дара.
Выбор основного перевода