Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цара йина старгІа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дІамалийтира цо. ЦІушна сагІа доккху шун баьрзнаш дохор ду Ас, малхана лерина хІиттийна бІогІамаш хедор ду, ткъа шун декъий бохийначу шун цІушна тІе кхуьссур ду. Шу дегаза хетар ду Суна. ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цІийнан кертарчу гІаролашка а, оцу кертахь цІу-деланашка БаІална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Іамал еш дІахІоттийна мел йолу хІума араяккха аьлла. Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриг хІуманаш Ярушалайм-гІалина арахьа йолчу Кхидрун-тогІи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гІала дІабаьхьира.
Выбор основного перевода