Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Юши-ЯхІу-паччахьо ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а берриге а къаной схьагулбайтира. Паччахь Везачу Элан цІийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхІуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тІекхаччалц. ТІаккха паччахьо Везачу Элан цІенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тІера дерриге а дешнаш дІадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дІа а хозуьйтуш. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан.
Выбор основного перевода