21
«Даха а гІой, сан дуьхьа а, исраилхошна а, яхІудхошна а юкъара дийна бисинчеран дуьхьа а оцу карийначу тептар тІехь долчух лаьцна Везачу Элах дагавалийта. Везачу Элан дералла вайна тІехь чІагІъелла, хІунда аьлча хІокху тептаран дешнашка ладоьгІна ца хилла вайн дайша. Вайх лаьцна цу тІехь яздина мел хиллачуьнга хьаьжжина, ца лелла уьш».
ТІаккха Веза Эла оьгІазвахара ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархошна. Нах Іада а бойтуш, инзар а болуьйтуш, белам бойтуш а хІума царах йира Цо, шуна шайна ма-гарра.