Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Бен-ХІинам-тогІи чохь хаза хьожа йогІу хІума а ягайойтура, шен кІентий цІерах чекх а бохуьйтура Ахьаза, Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а лелош. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. ЯхІуд-махкарчу ерриге а гІаланашкахь кхечу деланашна сагІа доккху гунаш а дина, шен дайн Дела волу Веза Эла дарвора цо. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта БаІал-харцделанашна сагІа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора цо.
Выбор основного перевода