Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бІогІам, схьа а эцна, Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. Хийрачу мехкашкара деланаш а, Везачу Элан цІа чу дІахІоттийна цІу а дІаваьккхира Маннаша. Иштта Ярушалаймехь а, Везачу Элан цІа тІехь лаьттачу ломахь а ша дІахІиттийна сагІа доху кхерчаш дохийна, гІалин арахьа дІакхиссира цо.
Выбор основного перевода