Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло исраилхошна хьалхара дІалелхийначу къаьмнаша лелийна мел долу дегаза гІуллакхаш а лелош, Везачу Элана зуламе хеташ дерг леладора Маннаша. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта БаІал-харцделанашна сагІа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора цо. Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна», – аьлла доллушехь Везачу Эло. Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. Маннаша шен кІентий Бен-ХІинам-тогІи чохь цІерах чекхбохуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Ша харцдалла лерина дина сурт схьа а эцна, иза Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанийн латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а»
Выбор основного перевода