Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта, Маннаша яхІудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цІий а Іанош, Ярушалайм-гІала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цІийх юьзира. Маннашан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Везачу Эло дІаолура Маннаше а, цуьнан халкъе а, амма цара ла ца дугІура. Ша гаттавелла хьаьвзича, шен дайн Далла хьалха ша даггара лах а веш, Маннаша шен Везачу Деле шеца дика хилар доьхура. Маннаша Везачу Эле доІа дича, Цо, дІа а хезна, Маннашан доІа тІеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дІахІоттийра. ТІаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх. Маннашан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – шен Деле цо динчу доІанах а, Исраилан Везачу Делан цІарах хиндерг гуш болчара Маннаше аьллачу дешнех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тІехь.
Выбор основного перевода