Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Хьапцаби яра. Везачу Эло исраилхошна юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Маннаша. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора. Везачу Элан цІа чохь а цІушна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра Маннаша, оцу цІийнах лаьцна «Ярушалайм-гІалахь Сайн цІе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. Везачу Элан цІийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагІа доккху кхерчаш дІахІиттийра цо. Маннаша шен кІант цІерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тІедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгІаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гІуллакхаш леладора цо. Ашера-харцдалла лерина ша бина дечиган бІогІам, схьа а эцна, Делан цІа чохь дІахІоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кІанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гІалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хІокху Сайн цІа чохь Сайн цІе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. Нагахь санна Аса царна мел тІедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тІедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тІера исраилхойн когаш кхин цкъа а дІабуьгуьйтур бац». Амма цара ла ца дуьйгІира Цуьнга. Маннаша харц некъа тІе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дІа а даьхна, хІаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара.
Выбор основного перевода