Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!» Цара мостагІашна дуьхьало ечу хенахь, Дала царна гІо дира. ХІагирхой а, церан долахь хилла долу массо а хІума а оцу тІемалойн кара дахийтира, хІунда аьлча шаьш тІом бечу хенахь цара Деле кхайкхинера. Ткъа и тІемалой Шех тешна бехаш хилла дела, Далла уьш дІахезнера. Иштта, марханаш а кхобуш, цунах лаьцна оха тхайн Деле дийхира, Цо тхуна жоп а делира. Набухди-Нецар-паччахьна тІехь и дерриг а кхочушхилира. ХІокху лаьтта тІехь долу адамийн дахар хІумма а доцург ду. Стигаларчу ницкъашна а, лаьтта тІехь бехачарна тІехь а Шена луъург деш ву Иза. Вац-кх цхьа а Цунна дуьхьало ян ницкъ болуш, я „Ахь хІун дина?“ – аьлла, Цуьнга вистхила бакъо йолуш. Сан кхетам меттахІоьттинчу хенахь сан пачхьалкхан сийлалла а, сан хьолалла а, хьалхалера дарж а юхадирзира соьга. ТІаккха карийра со суна гонах хиллачу элашна а, уллорчу куьйгалхошна а. Со паччахьалла дан юхаметтахІоттийра, сан сийлалла кхин а лакхаделира.
Выбор основного перевода