Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш нагахь санна цара, Ас тІедиллина долчунна дуьхьал а лелаш, кхечу деланашна Іамал а яхь, я царна, я малхана, я баттана, я стигалийн ницкъашна Іибадат а дахь, ЯхІудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогІу хІума ягайора БаІал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхІу-паччахьо дІабехира ЯхІуд-мехкан массо гІаланийн а, Ярушалайм-гІалина гонах мел йолчу меттигийн а сагІа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогІу хІума яго яхІудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. Везачу Элан цІийнан кертахь Ашера-цІунна боьгІна болу бІогІам Юши-ЯхІу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гІалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогІи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хІуманех чим бина, иза цІеяхана боцучеран къуббанашна тІехула дІасабаржабайтира цо. Гулбеллачара, хьала а гІевттина, Ярушалаймехь цІушна лерина дагоран сагІа доккхуш хилла болу кхерчаш бохийра. Иштта, цІушна лерина хаза хьожа йогІу хІума ягош болу берриге а гІирс, боха а бина, Кхидрун-тогІи чу кхоьссира цара. И дерриге а чекхдаьллачул тІаьхьа цигахь хилла болу массо а исраилхой яхІудхойн гІаланашка бахара. Цигахь харцделанашна хІиттийна тІулгаш кегдира цара. Иштта Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а хедийра, тІехь сагІа доккху гунаш а, меттигаш а йохийра берриг а ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а, Эпрайман а, Маннашан а мехкаш чекхбовллалц йолчу меттигашкахь. Цул тІаьхьа берриге а исраилхой шайн гІаланашка, шайн хІусамашка юхабирзира. И бахьана долуш Дела дІавирзира царна тІера, уьш стигаларчу седарчашна Іибадат дан а битина. Пайхамарийн жайни тІехь яздина ма ду: „Исраилан халкъ! Шовзткъа шарахь яьссачу арахь Суна тешаме хилар гайтархьама, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш даха ма ца дийзира хьан!
Выбор основного перевода