Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дІахІоьттича. Ярушалаймехь Іаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоІ яра. Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора Іаммина а. Іаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Іибадат дина хиллачу цІушна Іамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш. Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Іаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза. Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цІахь иза вийра. ТІаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хІаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кІант Юши-ЯхІу, паччахь а вина, дІахІоттийра.
Выбор основного перевода