Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта БаІал-харцделанашна сагІа доккху меттигаш кечйора, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш а хІиттадора цо. Стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора цо. Маннаша Везачу Эле доІа дича, Цо, дІа а хезна, Маннашан доІа тІеийцира. Дала, иза Ярушалайме юха а верзийна, шен паччахьалла дан дІахІоттийра. ТІаккха кхийтира Маннаш Веза Эла – Дела хиларх.
Выбор основного перевода