Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира: «ЯхІудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цІушца яхІудхошка къинош летадайтира цо. Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хІинца Аса бохам тІебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхІудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегІах зуз даллал цец а воккхуш. Айса Шамран-гІалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цІенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гІалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цІан а йина, Іункар хІоттош йолу пхьегІа санна, цІанйийр ю Аса Ярушалайм. Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагІийн кара дІа а лур бу. ХІонс санна хир ду и адамаш церан мостагІашна. Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гІуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хІинццалц схьа Со оьгІазъэхийтарна». Шуна а, шун дайшна а ца девзачу халкъана тІе дуьгур ду Везачу Эло шу а, аш шайна хаьржина паччахь а. Цигахь дечиган а, тІулгийн а цІушна Іамал йийр ю аша. „Цхьа хан йогІур ю, хьан цІа чохь мел дерг а, хьан дайша кху дийне кхаччалц гулдинарг а Бавеле дІахьош. ХІумма а бухадуьсур дац“, – боху Везачу Эло. Ахьа байтина болчу, хьох схьабевллачу хьан кІентех цхьаберш а дІабуьгур бу. Бавелан паччахьан цІахь баьІна ялхой бийр бу царах». Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тІе а летта, иза схьа а лаьцна, цІастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гІала дІавигархьама. Цунах чІагарш чекх а яьхна, иза гур чу хаийра. Бавелан паччахь волчу дІа а дигна, иза набахти чу доьллира, Исраил-мехкан лаьмнашкахь кхин цуьнан мохь шайна ца хазийта.
Выбор основного перевода