Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Абу-Малика а, цуьнан тІеман хьаькам волчу Пихала а элира ИбрахІиме: «Ахь дечу массо а хІуманна тІехь хьоьца Дела ву. Далла хьалха суна чІагІо е, хьо соьца а, сан берашца а, сан тІаьхьенца а ямартло лелош хир вац алий. Со хьайца ма-хиллара, хьо соьца а, хІокху хьо тІевеанчу махкаца а къинхетаме хир ву алий». ИбрахІима жоп делира: «ЧІагІо йо ас». ТІаккха ИбрахІима Абу-Малике бехк баьккхира, цуьнан ялхоша хи чохь долу гІу дІалаьцна аьлла. Абу-Малика элира: «Ахь соьга иза ца аьлла, ткъа таханлера де тІекхаччалц суна и ца хезна!» ТІаккха ИбрахІима, уьстагІий а, бежанаш а далийна, Абу-Маликана делира. Иштта ИбрахІима а, Абу-Малика а барт бира. Кхин ворхІ жий жа юкъара дІакъастийра цо. «ВорхІ жий дІакъасторан хІун маьІна ду хьан?» – аьлла, хаьттира Абу-Малика. ИбрахІима жоп делира: «Нагахь ахь хІара ворхІ уьстагІ дІаэцахь, ас и гІу яккхаран тоьшалла хир ду иза». Цундела тиллина цу гІунан цІе Беар-ШабаІ («чІагІонан гІу» бохург ду иза) аьлла, цу шиммо оцу меттехь шайна юкъахь чІагІо йина дела. Беар-ШабаІна уллохь барт бина чул тІаьхьа, Абу-Малик а, цуьнан тІеман хьаькам Пихал а ПІелаштам-махка юхавеара. Беар-ШабаІна гена доццуш тамариск цІе йолу дитт а доьгІна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахІима. Цул сов, малхбалехьа а, малхбузехьа а Іаш болчу канаІанхошна а, эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, акъареш тІехь Іаш болчу явсайхошна а, МицІпа-кІоштара Хьермон-ломан когашкахь Іаш болчу хьаьвихошна а тІе бахийтира цо шен нах. Рама-гІала йолчу юха а доьрзий, цигара дІа чІагІйина йолчу Цора-гІалина тІедоьдура доза, ткъа цигара дІа Хьоса-гІалина тІедоьрзура. ХІорда йистехь, Ахзиб олучу меттехь, чекхдолура иза. Везачу Эло цу лаьтта тІехь дитинчу къаьмнийн цІераш хІорш ю: пІелаштамхойн пхеа гІалин волу пхи куьйгалхо а, массо а канаІанхой а, цІаданхой а, Ливанун-лаьмнашкахь БаІал-Хьермон-лам болчуьра дуьйна Хьаматан лаьмнийн дехьадовларан меттигна тІекхаччалц бехаш болу хьаьвихой а.
2. Царств
Выбор основного перевода