Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
ТІаккха Шамъала Шауле элира: «Ахьа иза чІогІа вон дина. Ахьа хьайн Везачу Дала хьайна тІедиллинарг кхочуш ца дина. Иза хьоьгара ца даьллехь, Исраилан махкахь хьан паччахьалла Дала массо а ханна чІагІдийр дара, Даудаца болчара цуьнга элира: «ХІара ду хьуна Везачу Эло хьоьга дийцина долу де: „Аса хьан мостагІа хьан кара дІалур ву. Хьайна луъург де цунах“». Дауда, хьала а гІаьттина, Шаулан тІехула юхучу бедарх кийсак схьахадийра. ТІаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац.
2. Царств
Выбор основного перевода