Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
Веза Эла дохковелира Ша лаьтта тІехь адамаш кхолларна. Цуьнан дог лозуш дара. Мисарна таІзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неІарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цІий гур ду. Иза шун цІеношна уллохула тІехвер ву, Іожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац. «Со чІогІа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дІахІотторах. Сох дІа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чІогІа оьгІазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо. Цу буьйсанна хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Ярушалаймерчу Мори-лам тІехь Везачу Элан цІа дан долийра Сулима. Оцу лома тІехь Веза Эла Сулиман дена Даудана дуьхьалхІоьттинера. Иза хиллера явсайхо волчу Орнан хьаьттахь. Дауд-паччахьо кечйинера и меттиг. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу. ТІаккха гира Далла церан дика ойланаш а, уьш шайн зуламечу новкъара юхабовлар а. ТІаккха юхавелира Дела Ша царна бийр бу аьллачу бохамна, Цо бан а ца бира царна и бохам.
2. Царств
Выбор основного перевода