Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Царств
Параллельные места
АхІарон беллачарна а, дийна болчарна а юккъе дІахІоьттира – цамгаран ун сецира. Цамгаран ун сецначул тІаьхьа АхІарон гуламан четарна чу волучу метте Мусана тІе юхавирзира. Шаулан а, цуьнан кІентан ЯхІунатин а даьІахкаш дІайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тІехь йолчу ЦелаІ-гІаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тІе мел диллинарг деш дІахІоьттира халкъ. Цул тІаьхьа наха махкана тІера динчу доІанаша Делан дог дашийра. Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хІунда веана те?» Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагІа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама».
2. Царств
Выбор основного перевода